Д1аволла каш доцуш

Марти Тамия
Д1аволла каш доцуш
Х1оттийна чурт доцуш
Аллах1ан орца бен
Накъостах стаг воцуш
Мостаг1ийн арданга
Г1аралле х1оьттина
Ямартан д1оьвша кад
Т1ех оьхуш боьттина
Хьай делан некъах
Дог диллий вала бах
Хьай нийса накъостий
Мичахь бу дийца бах
Да-нана йиш-ваша
1азапе лоцур ду
Шаьш бохург ахь ца дахь
Дог дилла дезар ду
Хьай дег1ах синах а
Малх кхета дуьненах
Къонахчуьн доьналла
Духкуш дац эцарах
Эхартан аналла
Хуьйцуш яц дуьненах
1ожаллин къиза чарх
Ца соцуш йолало
Меженех йохуш ах
Дилханаш эт1адо
Стигал а латта а
Маьхьаре долу
Цаьрца мохь олий
Набарах йолу
Кийранах хилла ша
Х1аваъ ца лацало
Хуорамо бина шад
Легашкахь лацало