Ма кхайкха гуьйре..

Марти Тамия
Ма хIитта гуьйре неIаре гIайгIане кхойкхуш,
Б1аьстено кхоьллинчу ойланна ма теба хьо.
Аьхкенан буьйсано даточу аганахь къуйлуш,
И ховха хьерчийна  архьанах  шен зезаго.

Заманан мIаьргоно шен къайле цуьнга ялхийна,
Седарчийн шабарца чекх яьлла и аналлех.
Сийначу стигало мархашца иза техкийна,
Доттаг1чо цьеначу ниятца тешийна шех.

ДогIанех йоьлхуш, лазаман вераса хилла,
Механа буржалшца ма леца йийсаре ахь.
Масихло гуьйре дуьненан малхах дог дилла,
Не1аре х1уьттуш ойлане ма кхийдалахь.