Де- ц1а

Марти Тамия
Хьан бердах дахаран 1апказо
Шен тулг1и оьгазе тиссарах
Даимна маьрша лаьтта хьо
Сан деган г1айре - Де ц1а

Хьан бешахь б1аьстено заза
Кхиадо ша тайпа эсала
Марзонех юьззина хазна,
Сан деган г1айре- Де ц1а

Бохамаш хьан керта хьийзош
Заманаш хиларах аьрха
Цкъа а ма гойла хьо г1ийла
Сан деган г1айре- Де ц1а