Г1арг1улеш, д1аяха, г1арг1улеш..

Марти Тамия
Г1арг1улеш , д1аяха, г1арг1улеш..
Б1аьстенан 1aдика йина,
Аьхкенан йовхо йицйина,
Генарчу ирсо 1ехийна.

Цигахь ю ц1еначу сийналлехь..
Мархаш 1ахарех ловзуш,
Мукъам бу дог карзах дохуш,
Аренаш зезагах йогуш.

Г1арг1улеш, д1аяха, г1арг1улеш..
Ца тешаш б1аьстенан амалах,
Ша юха йог1ур ю аларах,
Ирс дохьуш хийцина баланах.