Дегйовхо

Марти Тамия
Хьо муха хилало иштта?
Ницкъ бу, йа ю и сонталла..
Маьлхан з1аьнарал сирла,
Iуьйренан тхи санна ц1ена.

Ахь муха 1алашйо йовхо?
Йоцучехь ша хила хьакъ ..
Юха а д1атоьттуш ачо,
Г1аттийна кагбина малх.

Туьйранех хьо муха теша?
Г1енаша дицдича ирс..
Б1ара хьоьжуш сел эсала,
З1имарган доцучу рицкъ.

Боданна къарделчу дагчохь,
Летош серлонан чиркх..
Хьо муха тешало дийнах?
Буьйсано эцначехь ч1ир.