Къонах

Марти Тамия
Мила ю, хьена ю, мичара
ахьа ца хиттира,
Йа тамаше амалаш нахаца
цкъа а ца литтира.
Хьан собар, доьналла хилира
хьаьнца а деккъал,
Г1иллакхах ца вухуш, ца туьлуш
нийсачу некъах.

Дахарехь декхарийн беза мохь
хьайна т1е лоьцуш,
Цатемаш хьулбина, лерамийн
дозанехь соьцуш.
Цкъа аьллачу дашца халонех
оьзда чекхвелира,
Хьох даимна тешнарг,
цкъа а дохко ца йелира.