Т1ех йолуш, ца хууш..

Марти Тамия
Т1ех йолуш, ца хууш,
Хьан г1ала кхаьчна?
Я хьуна карийна,
Луларчу урамехь?
Хьан некъаш хилла,
Хьан когех хьаьгна,
Мел долу зезаг
Сайчарел къаьгна.
Т1аккха хьан хьежаро,
Лар х1унда лоьха?
Сел атта ловзочехь,
Лайнчимаш мохо.
Шелонах мокхаза
Ана д1а йоьлла,
Ткъа г1ала шаца
Замано кхаьлла.
Дог1учу дийне
Дегаза хьоьжу,
Маьлхан м1аьрго
1уьйрено гоьжу.
Эзарчу шерашкахь
Йиллина г1ура,
Йохяла тигахь
Ясталахь нагахь,
Т1аккха патараш
Денлучу дийнахь,
Къайн зезаг деган
К1охцалгех ц1анлахь.