***

Марти Тамия
кхолламо яздинчу йозанех
азаллехь
дуьненахь чекх дуьйлуш хилла
цхьацца ах
экамчу ирсаца галморзах
цхьа- цанхьа
адамийн шалхонех юха а
къаьхкина
юха а бендоцуш къарбелла
синх1оттам
юха а 1арчашкахь кагбина
лозу т1ам
ангалин дег1 дина стигалла
язьелла
б1аьргийн к1оргенехь хьоьжу
есалла