Жима сайрат

Марти Тамия
Доьжначехь можа гIа,
Iуьллу сийначу хичохь.
Экха лела маьрша дIа,
Теба иччархо воцучехь.

Ца оьшу диканиг хьеха,
Вуон амал ца евзачехь.
Цкъа ахьа кара Iаминарг,
Ца къехка шен IиндагIех.

Зезаг хьоьсту бIаьстено,
Ца дагош шен зIанарца.
Буьйса къагийна седано
Йовхо кхийдаеш схьа.

ГIенах, гиначу суьйранна,
ДIаийна 1уьйре цигахь.
Кхачам бевзина дахарна
Цу жимачу сайрат тIехь.