Тийналлин дозанал дехьа

Марти Тамия
Тийналлин дозанал дехьа,
Ойланаш йуьйлало лехьо
Иесанехь дисина сарташ
Кхолламо йитина ларраш.

Суьйренан малхбузу м1аьрго,
Анаист, ма лоцца б1аьрго.
Б1аьстено лийхина зезаг,
Гуьйрено лийкхина шедаг.

1аьржачу бодано лаьцна
йийсаре и сийна 1аьршаш.
Дилхина маьлхана дуьне,
Къемата г1аьттина 1уьйре.