Ирсечу жималлин сурт

Марти Тамия
Ца  дужуш лаьттар ду ховхачу дагчохь,
Ирсечу жималлин сурт.
Ткъа сино юх-юха шена тIе йоьхур ю,
Со йина, кхиина юрт.

Кхолламо идош мел гена яхарах,
ХIетте ахьa хоьцур яц дIа.
Дахаран некъаш халоно ахарах
Ойланех хедар яц цкъа.

Олхазарш лела хьан сийначу басехь,
Чехкачу мохаца тIома.
Замано бIаьсте кхиийначу дийнахь,
Стигалаш йохуш шайн дола.

Делкъанан товханехь кхеттачохь бисна,
Дешица кхелина малх.
Ткъа тулгIе  зIаьнаршца эсала  ийна,
ДIа юьдуш шайн IиндагIех.

Бераллехь бисина Дай баьхна мохк,
Хьан васташ геналлехь лоьху.
Iожалло дижийча дахаран дохк,
Хьайн мара эцалахь, доьху.