Д1атийна тийналла

Марти Тамия
Д1атийна тийналла
Лар яйна б1аьстенан
Дицдина лелачу
Ша хилар а.
Г1ург1езийн т1емаш т1ехь,
Иллешца, дезаршца
Ша юха йог1ур ю
Цуо бехира.

Мел олу дешнаш
До1ане дирзина,
Мел дог1у денош 
Дирзина селхане.
Замано шен хенан
Х1оттамаш хийцина,
Дигина г1енаш
Къилбседане.

Д1атийна тийналла
Ша лехнарг карийна,
Ясйелчу бешахь
Шабаре юьйлуш,
Бинжолиг техкочу
Аьрхачу мохаца
Дуьненан тамаше
Къайленаш юьйцуш.