Еза - алий цкъа со lиехаехьа

Аза Атагинская
«Еза»- алий цкъа со lиехаехьа,
Ехар яра ирсе хеташ суо.
lиехаеш, сан дагна хьаам бехьа.
Сан гlенаша хьоьстур яра со.

Моттийтахьа сан б1аьргийн нур айхьа
Хьайн син 1аьршахь даимм 1алашдо,
Моттийтахьа сан юьхь- сибат лехна,
Баккха реза ву дуьненна гуо.

Моттийтахьа  сан озе ладоьгlуш
Доккху ахьа хlора догlу де.
Хlора буьйса седане со хоьттуш,
Йоккху айхьа, йоьхуш со Деле.

Варийлахь, со цкъа а ма леелахь,
Ма тилъелахь, «еза»- алий, со!
                Азман Джабраилова
                2001г.