Майн ахканна лерина

Марти Тамия
Хино д1акхоьхьа ахкан шабар,
Бердо шен ховхачу къуйлуш мара.
Дийцахьа юха а, хьоьга ладег1ар
Марзделчу аьхкенан, де кхоьлина.

Дийцахьа, х1инца а гуьйрено лацанза
Хьан кура болар, ма тайна ду..
Ткъа со а хьуна уллехь  д1атийна,
Леррина хьоьга ладоьг1уш ю.

Иэсанехь 1алашйан вай гаран м1аьрго
Генарчу махкара 1аламан хазна
Дагчохь, хьан зевне ц1еначу декаро,
Марсйина чов, сан Даймохк лезна..