мацца кхетар

Арзу Банжаев
Д1о ца1 го жималло 1ехийна,
Кху дуьненан мекарло  йицйина.
Ткъа д1огехь кхи – замано текхийна,
Бердан йистехь кхолламо кхетийна.

Кхетийна… Алча а, кхетта-кха эххар а,
Ша кхеташ ма хиллара дуьххьара.
Цигахь кхеттарш ца хилла т1аьххьара.
Уьш бац-кх дуьххьар а  я т1аьххьар а.