Дахар хьо..

Марти Тамия
Дахар хьо деккъа цхьа хаттар
Денлуш мел дог1учу денца,
Керлачу 1уьйренца г1отта
Мел йог1учу суьйренца кхелхаш.

Кхин жоп а ца ло ахь дехарна,
Листарах иэсана патараш.
Дуьйцуш ойланца дагара,
Йа нисдан ца г1ерта г1алаташ.

Гуо лаьцна яржийна башхалла,
Б1архишца эдина къежар,
Гуьйрено къевсина б1аьстенца
Лачкъийна хьан ховха хьежар.

Къагийна дуьненан 1алам
Тамашех дузийна ахь,
Ткъа эхарто толам йа эшам
Хьох бустуш, хадорбу мах.