Деган четар..

Марти Тамия
Дог юхаъ бер санна 1ехало,
Дуьхьала дирзина дикана.
Мохаша ийзадеш эт1адарх,
Шен четар кеман х1ордана

Хетарах х1ундара 1уьйранна,
И ойланаш беламе кхана.
Къайн четар г1енаша г1аттийна,
Х1ордаца къаьстачехь ана.

Дендина экаме аматаш,
Цкъа дагчохь гулдина ахь.
Жима йо1 доггаха йоьлуш,
Кху заман къарйина хьаг1.