Лаьаракх..

Марти Тамия
Лаьаракх стиглахь бетта нур леца,
Маршонца 1алашдан латта,
Амма уггара ч1ог1а, дог оьцуш,
Лаьаракх сайн Нана хьаста.

Лаьаракх суна заманаш сацийна
Цхьана м1аьргонна са даккхал.
Д1а яха мел долу дезараш дицтина
Суо даго йоьхаче кхаччалц.

Лаьаракх юха сайн дахар талла
Сайн хьостехь д1адевларш лоьхуш,
Сайн синан бешахь доггаха къевлина
Марзонийн йозанаш доьшуш.

Даьаракх г1арг1улех т1ома а йуьйлуш
Iапказах цкъа дехьа йийла.
Сайна мел гинарг маь1ане дохуш
Дахаран къайленаш мийла.

Лаьаракх д1а яха х1орд кема хаьржина
Йитина мел йолу ачо,
Иза сайн сирлачу г1алартех доьттина
Сайн некъийн архьанах хьарчо.

Лааьракх хьоьца хьан некъаш декъа
Iуьйрено г1енаш а туьдуш,
Йовзанза шовкъа б1аьргашчохь леца
Даимна ирсах цец юьйлуш.

Лаьаракх сецна, цкъа вахьа хаал,
Эисана къоргенехь леха,
Экаме ирс довза хьехначийн аьзнаш,
Царна а, Деле ирс деха

Лаьаракх стиглахь бетта нур леца,
Маршонца 1алашдан латта,
Амма уггара ч1ог1а дог оьцуш
Лаьаракх сайн Нана хьаста.

по мотивам-  https://www.youtube.com/watch?v=Wvr1f-o0Pts&feature=youtu.be