нохчийн мотт!

Мадина Халикова
Шайн дайшца йолу з1е хаьдча,
Духуш ду муьлхха а къам.
Нохчийн мотт хьоьца з1е хаьдча,
Ца боьхча болий-те лам!?

Дедеха буьйцуш биссина,
Я ворх1е а дегара сайн.
Безам а,дозалла хеташ,
Ирс хета нохчийн мотт сайн!

Нохчийн мотт-хьо ду сан дахар,
Дедеха диссина сий.
Хьо боцуш мел хиларх яхар,
бицбийр бац,дуй хууш сий!