Хиллехь а...

Мадина Халикова
Хиллехь а дуьненахь со эрна ехаш,
Г1айг1ане хиллехь а мел боккху  ког.
Ц1еначу безамах ойланаш тешош,
Йийсаре леци ахь сан жима дог.

Б1аьстено г1орийнехь дахаран ойла,
Хазачу суьйрено гатдинехьъ са.
Ирсан дог декъарна ахь соьца хийла,
Бели ас дагчуьра сайн безам сирла.

Ткъа х1инца-м!
Хьоьх хьерча безаман и мерза ойла,
Йиш йоцуш дахарехь хьо воцуш 1ойла...