Рамадан

Марти Тамия
Къор1анан йоза доьххьара,
Доьссича т1ахьарчу Пайхмаран,
Геч деха 1есачу къиношна
Совг1атна делла хьо Рамадан.

Жоьжг1ате на1араш къевлина,
Суждане ерзийна бетта хан,
Тхан миска 1амалаш язйина,
Къобала хулда хьо Рамадан.

Азалла, синошна йицйелла,
Хазалло марсийина хьан.
Декъалйеш эхартан кханалла,
Беркате хуьлда хьо Рамадан

Ч1аг1дина бусалбан нияташ-
Йиш-вешех кхинхетам бан,
Яржийна адамийн марзонаш
Ирсе хуьлда хьо Рамадан.

Аллах1ан нийса некъ бовза,
Цуо йелла халонаш лан,
Харцонца бакъонаш къовса,
Маьрша хуьлда хьо Рамадан.