Валерик М. Лермонтов

Марти Тамия
https://www.youtube.com/watch?v=yinTuPuBZ5o

ВАЛАРТIЕ 

Хьоьга йаздо бакъ долуш; ларамза,
Сайна а ца хууш муха, йа х1унда.
Сан бакъо-м йайнера хиланза.
Х1ун эрдара хьоьга?- х1умма а!
Хьо йиц ца йинера?- вай Делор,
Хьунам и даимна хиънера,
Йа хьуна, и бен ца хиллера.

Цул совнах хьашт а дуй хаа
Хьуна, со маца? йа мичахь?
Синош вайн вовшашна хийра,
Тамаш букх уьш герга хилахь.
Патараш доьшуш хиламна,
Нисдеш х1ора шен рог1ехь
Шелбелчу кхетамо тахана,
Хервина хиллачу тешамех.
Белам, ша шена лелор
Шерашкахь дагаца шалхо;
Ша дара кхибериш 1ехор!
Цул совнах, х1ун пайда тешор
Хин доцуш д1а даьллачух ?
Генарчу безаме хьежар?
Синхаам хан тоьхна хилча;
Амма хьо дагар ца йолу
Цут1ехь сан шеко яц х1инца!

Цкъа делахь, дукха хьо эшна
Хиларна, йехачу заманахь,
Ткъа юха, балийца такхарна
Цу денойн ирсана мах;
Хиллачух дохко а вуьйлуш
Шерийн з1е хала текхийна
Дахаран шийлачу ойланаш
Т1аьххьара бос а багийна.
Ца х1уттуш адмашца уьйра
Д1атаса, йитина жималла,
Поэзи, безам- делахь а
Хьо йицйан амал ца хилла.

Сом д1авоьлла цу ойланах,
Къера ву пебеттар доцуш:
Изаъ, йа важаъ бендоцуш
Реза ву, кхетта со дахарах;
Турко йа г1езало санна,
Деле ирс ца доьху сайна
Кхоламца х1умма ца къуьйсу
Бала лов вистхилар доцу.
Малхбале стигалаш, хилмега
Пайхмаран 1илмана герга
Со валийна. Цул совнах
Хаддаза 1а-меттиг хийцаро,
Дезарш деш буса а дийнахь,
Ойланех мелла а херво
Ша кхуллуш кхоьллинчу хьоле
Даладо са: дог дуьгу набаре
Йоцуш г1енашна паналла
Коьртана боцуш йа болх..
Амма юкъачу бецашлахь
Iуллу тхевсина.. попан
Йа марлаг1ан 1индаг1ехь,
Го лаьцна четараш к1айн;
Г1алг1аскхийн эг1аза говраш
Ул- уллехь оллийна ц1ом;
Воьдачу тоьпийн хьадалчаш
Бийшина. Милташ малйина;
Шиъ-цхьана з1е лацна дога;
Цхьамзаш малхехь къилбана.
Х1ара, хабар хиллачух
Четар чохь хеза уллерчу;
Ермолов заманахь ихна
Уьш Нохчийчу, Iаварчу, лома;
Тхо царех майрра летара,
Ткъа цигахь тхуна а кхетара
Го суна кхин гена доцуш
Г1езло д1асхьажар доцуш,
Пайхмара бохучух хоьттина
Ламазан хин йисте х1оьттина;
Ткъа х1оруш гобина хевшина.
Сунам церан юьхь-бос тайна,
Маьхьсех боьрачу тера,
Цера куйнаш, пхьош дуткъа,
Цера аьрха, таь1на хьежар
Иштта к1орге тийна хабар.
Зов- з1уганах. Геннахь топ ели
Шокъали ..и тайна ц1ог1а..
Мохь бели- гонах юха а
Тийналла..Йовхо лахйели ,
Говраш лаьхки руьйта т1е,
Меттах бевли г1аш салти;
Цхьаъ т1ехиккхи, важа юха!
Мичахь ю шозллаг1а тоба?
Г1ар- тата. Х1ун йотта капитан?
Сихонца схьататта ворда!
«Савелич!«-«Йуй те!»- «Ц1е лохьа»
Iоьха зурманаш эскаран-
Туьйхира вота хьалг1овтта;
Теттина цу рог1ах чу
Х1оъ тоьпаш ека. Инарла
Шен г1оьнчашца хахкало чу..
Баьржина шуьйрачу аренца,
Г1алг1аскхий накхараш санна
Билгало масех гуч йаьлла
Х1оттийна хьуьнах ирзонца.
Ткъа хьара тиллина чалма
Ц1ен чоа дуьйхина мурд,
Сира дин кхехка ч1арх аьлла,
Бетта мохь- шух мила ву?
Шеца лата валар къовсуш!..
Хьажал, 1аьржа куй болу
Сихонца тоьпах ка етташ;
Рег1ана г1алг1аскхи вог1у,
Улле кхечи..топ ели..к1ур..
Д1а хьаьди г1алхойн сур..
Лазиний?..- Х1а-х1а ца кхетта..
Доладо герзаш д1асдетта..
Амма цу кхиссарех царна
Ловзар бен кхи пайда бац;
Аьхначу суьйренца, хийла,
Бузийна цара шайх баьрг,
Йоцуш къизаллин шовкъ
Хьийзаш валаран балето;
Бал боккхуш суна гинакх,
Шу сцени т1ехь иза ца гойту ..

Цкъа мацах- тхо Гихана уллехь,
Кхоьлинчу иччах довлучехь чекх;
Сийсара садоь1уш алонах
Сирлачу бероза стигалан 1арч.
Къиза латар тхуна хьехна дара.
Генарчу Ичкерийн ломара
Нохчичохь кхайкхаме вежарийн
Тобанаш гулйелир к1ентийн.
Дуьненах хи хилле лиллачу
Хьаннаш т1ехь хаамаш къеда;
Цкъа ирах г1оттура къура,
Юха баьржара мархашца;
Таккха ден йелир хьаннаш;
Аьрха махьараш детташ
Вовше четаршчохь баьццара.
Нисйелла йовлале ворданаш
Аренца, д1айолий ткъарш;
Х1а! т1аьхьарчара курполаш йоьху;
Вукхара тоьпаш д1аскхоьхьу,
Ткъа кхузахь т1екхадо адамаш
Мохь бетташ т1е боьху лоьраш;
Аьррочу аг1ора, маьхьарца,
Курполаш хьулйан т1елетта;
Юха, баххьаш т1ера диттана
Къорнах д1аьндарг йиттина
Тобанна. Ткъа хьалхахьа
Тийна ду- коьллаш юккъехь
Дог1у хи. Улле даг1а. Граната
Кхоьсси; дац кхин г1ар-тата;
Ханнийн доьхьлонна т1ехь
Топ къегира схьа гарехь;
Т1аккха цхьа ши куй хетало;
Юха уьш бецаша къайла хьо.
Иза йара буьрса тийналла,
Иза баш кхин йах ца йелира,
Амма цу тамаше хьежамехь
Хийланне дог тоха делира.
Ц1еххьана кхоьсси..гуш йу:
Эгначийн раг1, х1ун дийр ду?
Т1еман нах и ганза бац..
"Массара цхьамзаш"- мохь бели.
Некхехь ц1ий кхехка дели!
Массо б1аьчой хьалха бевла..
Тхо т1е хьовду доьхьлонна
Ткъа цакхиънарг динар восса..
"Ура"-доцца..Шаьлташ,тоьпана
Маккъаш- чучча йаха къиза.
Леташ доьдучу хичохь
Экха санна. Шина сохьтехь.
Юьхь-дуьхьала, доцуш аз,
Декъех татол доьттина.
Чу кхевдира со хи эца..
(Летар, йовхо 1аьткъина)
Амма даьржинчу хин тулг1е
Йара йовха, йара ц1ие.
Попана 1индаг1ехь, хин йистехь,
Юьхьарчу доьхьлонна дехьа,
Лаьттара гуо,  цхьа салти
Вара гуора; оьг1азе, аьрха
Юьхь-сибат хеташ,
Амма б1аьргех оьхара хиш,
Ченах  юьзначу юьхьт1ехь,
Iуьллура, диттах букъ тоьхна
Церан капитан. Иза леш вара
Гуш яра цуьнан некъехь
Ши чов;  жимма оьхура
Ц1ий. Аамма накха халла
Ирах г1оттура, хьежар дара
Ирча дайна, шабарш дора..
"Орцах, вежри. Вуьгу ша лома
Совцалаш- лазийна инарла..
Ца хеза"..Дехха узарш дира,
Цуо, амма  г1ийла.. эххара
Са дирзина Деле д1атийра;
Тоьпаш т1е тевжина, гонаха
Лаьттара салтий къоьжа..
Тийна боьлхара.. т1аккха
Цуьнан б1аьхонна чалх
Хьулйира т1е марчо тесна
Юха айвира..Со воьг1на 
Лаьттира хьоьжущ т1аьхьа
Кхи а накъастий, уллехь
Синош дохуш хьехийра;
Амма цхьа а, син къоргехь
Сан дегбаллам ца г1аьттира.
Шадерг д1атийра; декъий
Т1е гулдина; оьхара ц1ий
Т1улгашт1е к1уьран тачанах
Цуьнан 1аьно 1аткъина,
Дуьзнера х1аваъ. Инарла
Косташ т1еоьцуш 1индаг1ехь
Вотан т1ехь 1ара хиина
Уллера ичча, хетара сийна,
Дохкарлахь молхана к1уран.
Ткъа геннахь, рег1аца раз-пурх,
Амма даимна парг1ата, кура
Лаьттара лаьмнаш- ткъа Казбек
Къегаш ирачу курана бохь.
Ойланаш дегана г1айг1анехь
Къевлина латта висира со:
"Х1ай Адам. Х1ун лоьха те ахь!..
Сийна стигал тоъал ма йара,
Массарна, амма эрна хьаг1
Цуо лелайо хаддаза- х1унда?"
Г1алуба сан г1енаш хадийра,
Тоьхна белашт1е куьг; и хьаша
Вара сан; ас цуьнга  хаьттира, 
Кху меттиган ц1е муха йу?
Цуо жуоп делир: "Валаргт1е,
Ткъа даьккхича шун матте,
Хуьла и валаран хи: нийса,
И тиллина ширачу заманахь"
"Ткъа тахана леттарш мел бара?"- 
"Ворх1 эзар кхочуш хетарехь".
"Ткъа ламанхой эгий дукха?"
"Хьан хаа!- багар х1унда цабина"
"Хирдкух иесанна!-элира цхьаммо,-
Х1ара де царна ц1ий 1аьнна"
Цуьнга аьрха хьаьжира Нохчо
Т1аккха корта ластийра.
Амма хьуна к1ордорна кхоьра со,
Бевзинчу дуьненан синкъерам
Беламе хетарна баланаш т1еман;
Ца 1еминарш щайн хьекъал хьийзо
Йезачу ойланца 1ожаллин;
Юьхьт1ехь жимачу хьан
Лар а яц г1айг1ана, балана
Хетарехь, цкъа а ца гина хьуна
Уллехь юьхь сибат валаран,
И хьуна ма гойтийла Дала:
Кхидерш а тоьр ду лан.
Къевлича, ша- шен вицвина
Дахаран не1, дарий те г1оле?
Вирзина  чекх йоцу набаре
Цкъа сама валарах са тесна
Ткъа х1инца 1адика йойла:
Сан б1остачу дийцаро ойла
Хьан жимма самалха якхинехь,
Хетар ву ирсе. Ткъа иштта даций?
Т1аккха къинт1ера йала
Меллаша; пекъар, соьх алий.