Сих ма ло, Зама

Мадина Халикова
Д1айоьду,ца хьожуш юха,
Д1айоьду,ца хеташ къа.
Зама,хьо сиха ма лохьа
Дай-наной делхадан тха.

Везачух езар д1акъасто,
Сих ма ло,х1ай зама хьо.
Синтемехь,дог парг1ата даккхий,
Хьастахьа цхьажимма тхо.

Юха а тхо вовшех къасто,
Сих ма ло,х1ай зама хьо.
Баккхийта цхьажимма чомехь,
Кху лаьттахь мел боккху ког.