С. Есенин Письмо матери

Марти Тамия
Сан йоккха стаг, хьо дийна юй?
Со а ву дийна. Хьоьга маршалла!
И исбаьхьа суьйренан нур
Хьан ц1ент1е даимна 1енийла.

Соьга яздо, ч1ог1а г1айг1ане,
Сатуьйсуш соьга, къайлаха
Сих сихха йуьлу хьо ураме
Хьайн тиша шушун а юьхина.

Ткъа суйренан сийначу боданехь
Хьуна даимна лаьтта цхьа сурт
Суна леташ схьаммо кабакчохь
Дагах финнийн 1оьттина урс

Х1умма дац, винариг! Хилахьа парг1ат.
Изам г1айг1ана г1аларт бен даций.
Оццул декъаза къаьркъана кад,
Хьо ца гуш валлал, сом ваций

Ву хьалха санна ховха х1инца а
Со цхьаъ бен сатийсам боцуш,
Аьрхачу г1айг1анах къаьстина
Вайн жимчу ц1а верзар доцург.

Со кхочур ву вайн къайчу бешана
Б1аьстенца даьржича генаш.
Амма барх1 шо хьалха санна
Ма г1иттаве со ахьа са тосуш.

Ма г1иттаде г1енаш кхачийна,
Ца хилларш карзаха дохуш,
Дукха хьалхе со дахаро зийна
Къадвина лайначу баланаш

Суна 1амалаш 1амо а ца оьша!
Хилларш кхин юха гур дац.
Хьо йоцург кхин г1ортор яц сан,
Хьо схьаъ ду сан серлонан аз.

Таккха хьайн г1айг1а йицйехьа,
Ма гаттаде сел ч1ог1а са суна,
Сих-сихха хьо новкъа ма эха
Хьайн тиша шушун а юьхина.