Г1охьа...

Касуева Мата
Некъ ца буьтуш, юг1а йа
Г1охьа гена, гена д1а
Г1охьа безам, битина
Г1охьа гуьре йиц йина

Дохко ялар доцуш цхьа
Г1охьа дуй хьай къар бина
Цкъа ца дуг1уш, даге ла
Г1охьа хьоме, гена д1а

Г1охьа дагех т1улг бина
Г1охьа, букъ хьай тоьхна схьа...
Г1охьа, дош ца олуш соь...
Г1охьа...
Соьх лата йей ц1е!