Нана- Мохк къоьжа

Марти Тамия
Х1у дора кху дерриге дуьненах?
Хьо хилча, сан сирла дуьне.
Со даимна хилла сайн паччахь
Ткъа хьо- сан паччахьан баьрче.

Алий хьоьх- хьо цхьаъ бен йоцург?
Йа ала хьох лакхаллехь лакхе..
Ма бахам бац-кха хьо йоцург
Декъала хуьлда хьо Нохчичоь.

Сан ирсе денойн хилла хьо заза
Iаьржа денош ахь соьца декъна
Хьо лазош массо меже лазийна
Дог а дисина дуьйлинчохь эккха..

Хийла Деле дехна хьо йаккхар
Цу талонах хьарчинчу дег1ах
Хьан таьхьенна иэсанехь дисна
И къиза бала боьссина денош.

Дуьне мел ду баржийна  доьзал
Малхбале, малхбузе хьежа,
Цара къуйсуш вовшашца амал,
Хьо йиси Нана- Мохк къоьжа.

Х1у дора кху дерриге дуьненах?
Хьо хилча, сан сирла дуьне..
Со даимна хилла сайн паччахь
Ткъа хьо сан- паччахьан баьрче.

Алий хьоьх хьо цхьаъ бен йоцург?
Йа ала хьох лакхаллехь лакхе
Ма бахам бац-кха хьо йоцург
Декъала хуьлда хьо Нохчичоь!