Анна Ахматова

Марти Тамия
Юха а т1е кхечи даглецамийн сахьт.
Хеза шу, го суна х1оранне васт:
Цкъа мацах, коре д1а кхачо кхиънарг а,
Кхоьллина латта тахна ца хьоьшарг а,
Шен хаза корта а ластийна, аьлларг:
"Сом кхуза ц1а санна схьаэха 1аьмма".
Лаьара массарех ц1е йоккхуш ала,
Амма цу рог1ана патар д1адаьлла.
Миччанхьа, даимна бу уьш сан дагахь,
Суна уьш биц цало дикнехь йа вуонехь,
Х1ара щуьйра кирхьа аса царна дуьйцина,
Церан тийжамех, цкъа хезначу сайна.
Ткъа цхьаммо къовлахь сан декъаза мотт,
Шен кийрахь кхиийнарг халкъана мохь,
Т1аккха царна а сан лаьттийла васт
 Т1екхочуш сох даналецамийн сахьт.
Ткъа мацца а кху махкахь сан ц1арна
Ду аьлла чурт х1отто леринехь цхьамма,
Цу ловцан толамна сайн пурба ло
Амма цхьа дехар кхочаш дахь цуо.
Ма х1отта дойла и х1ордана йистехь
Д1ахаьдда и з1е со йинехь а цигахь
Элана бешахь а цкьа лаьттинчехь хен,
Со 1индаг1о лоьхучохь ца туьгуш тиен,
Амма кхуззахь со кхаъа б1е сохьтехь,
Латтарах суна зайла ца баккхинчехь.
Со кхоьру дера,  йаллал х1инца а
Г1ара цу 1аьржачу вордана  йицйан,
Дицдан цу не1ара чаммаза йетталар 
Цкъа йоккхачу стага экха мохь беттар.
Цу чурта т1ехь хуьлда б1арахиш санна
Iийдалуш тача дешначу лайна,
Геннахь шен хур деш набахтийн кхокха,
Меллаша Нева чохь дог1у х1орд кема.