Нанас демлахь дуьллу сурт..

Марти Тамия
Хала зама йеъара,
Нохчий махках бехира,
Эрна арахь диссийра,
!азап 1овша дийзира.
Хьийза Нана ч1ог1а
Бераш дузо г1ерта
Канахь дама оьций,
Гуй чохь иза лоций.
Бераш гонах х1уьтту д1а,
Нене хьоьжу леррина.
Бисмиллах1 цуо доккку
Берашка цуо олу:
Кийра бузо вай кхуьур ду
Коьтаниг син кхача бу.
Диц ма делаш, нохчий ду вай,
Геннахь, хаза мохк а бу вайн,
Дайша дитна г1иллакхаш,
Оьзда шира тайпанаш.
Нанас демлахь дуьллу сурт:
Х1ара йу вай жима йурт,
Йуьртан г1ароллехь цхьа гу
Вай олура цунах Шу.
Йуха лахло Нена аз:
Х1ара бу вай кешнийн барз.
П1елгаш дуьллу кхи цхьа сурт:
Иштта хуьлу Нохчийн чурт.
Кхузахь коьрта Маьждиг го,
Цу чохь наха рузба до,
Х1ара бу вайн шуьйра урам
Ц1ена, хаза, нийса ч1урам.
К1айн кир тоьхна х1усамаш,
Стоьмех 1ана йахна беш.
Хьара пхьоьг1а  йуьрта йуккъехь
Керла хабарш дуьйцу цигахь.
Иштта ду вайн шира иллеш,
Мукъмаш, чехка хелхараш.
Керла зама йог1ур йу,
Дег1астане доьрзар ду,
Т1аккха хьаьжча цу Шух чу
Шуна Атаг1 йоьвзир йу.

Автор Имакаева Малика, которая и была одним из этих детей..