А. Керимов Наиб

Марти Тамия
Маршаллийца т1е эцалахь, доттаг1а,
Дарцана буьйсанаш кхоьллина,
Илли, къолламо векала дина
Сан синан х1оттамо дог1на.
Т1е эцалахь дийна мел диснарг
Дийцаршца вайга схьакхаьчарг.
Чекхдуьйлуш шерех а т1улгех,
Диснех а царех цхьа к1еззиг.
Лардинарг т1аьхьенна бохуш
Цу чолхечу заманах лаьцна,
Буохийна леллачу дайшна
Хаьддачу иэсанехь даьхна,
Дахначу шерашкахь хилларг.
Паччахьан цхьамзашца айдина,
Йассийна Cела к1ар санна
Ермоловс кавказе доссийнарг.

Жималлехь дуьйна къийлина аса
Кийрахь цу денойн къахьалла,
Х1ара турпалчу Дайх дисна дош,
Дийцинарг соьга сан Де дас-
Иза наибан к1ента к1ант хилла-
Синкхетам кхиъийна халонаш.
Х1ай Питербургера сан хьаша,
Хьан хаъа? оьший те хьуна?
Цу Невана йистехь ткъа аша
Поэтийн сийлахьа байташ
Кавказах дукхха а йешна.
Амма кхета со: шуна ца хаъий,
Даханчу б1е шараш хьалха
Наиб Iиса- сан воьалг1а да
Байракхца имама Шамилан
Глафеев эскарах летта
Хилла цаьрца Лермонтов- поэт а,
Паччахьо эккхийна- Делан серло,
Т1ама юккъе кхоьссина, 1абийна
Iожалла, цуьнан мотт сацо
И эца цало хьекъалан хайра.
Ламанхочуьнга эцийта декхар
Кхочушйеш шен бекхаман ч1ир,
Цуьнан къона хадийна дахар.
Амма поэтан кхолламан рицкъ
Лардеш хилла цхьа тамаше ницкъ.
Ткъа цуьнан хьежаро хьекъале
Шен къоламца сарташ инзаре
Дехкина: лаьмнийн хазаллех,
Цу акхачу т1еман аренех.
Цунна цхьанна гина и къемата
Бендоцчу десачу дуьненахь,
Доьг1начу лаьмнийн лакхаллехь,
Чалтачан сийлаллин доьхьа
Мел хилларг кхоамза дагийна.
Ткъа цунах дукха сан дийцар
Цул т1аьхьа мел дог1арг ала,
Къоьжа Кавказ хьан к1ентий,
Кхузахь летта сел майра
Кхо са болу цхьамза а къегга
Хийла хьан басешках, ломахь
Амма маршонан байракх а
Лаьттина ца йужуш Веданахь
Сан 1алашо- шуьга и дийца,
Луъуш и шуьга д1акхачо.
Амма цахиллачу томана
Доьху доцуш бехк биллар,
Ойланехь мекха ца толийна
Кху балхана бог1у мах хадор.

Маьлхан тевнах къаьхкина,
Кемсийн раг1ун 1индаг1ехь
Делкъана ламазна х1оьттина
Сан Деда ахначу тийналлехь.
Геннара соьх кхеттча.б1аьрг
Суьлхьанаш йуьстаха дохкий,
Меллаша со т1е а воьхий,
Комаьрша стоьмаш а дохий.
Х1а- х1а,  цунна ца дезара
Харц дош, йа деса хабарш,
Хайре, цхьа дехха къамел
Cих валар, тасвалар доцуш,
Цуо дора, хьан сино д1ахудуш
Леррина хилахь т1е оьцуш.
Кхин йеха ойла а ца йора,
Иза оьщущ а дацара цунна,
К1оргечу хьекъалехь дара
Дахаро мел делларг гулдина.
Шен дакъделлачу куьйгаца,
Наггахь, меллаша хьаж лоций,
Хийла цунах цуо дийцина,
Ша бенна кхи дийца воцург.
Диц дала ца туьгуш сел ч1ог1а
Замано, 1ожалло къесторах
Безначех, колламан къахьалло
Йа т1еман акхалло чехорах.
Хийла цуо гайтина суна
Цигахь, къилбана аренгахь
Кхуьучохь хьийкъина йалта.
Цу хьаьтта йуккъехь геннара
Халла къаьсташ цхьа керт,
Мелачу мохо а лестош,
Кхузахь лаьттара дитташ
Эгнаберш шайн иллех 1абош

продолжение следует..