Сирла седа

Мадина Халикова
Тоххаралера ду вайн седанан лепар,
Мел хьежарх к1ордадац хьо цуьнца лехар.
Хьоьжу и соьга цхьа г1ийла,г1ийла,
Ша хууш санна, хьо хирвоций х1инца.

Боху цо: безамо ца вийна цхьа а,
Алахьа,мелла ду и лехар сан а.?
Юха а  боху цо: ма леха х1инца,
Ша безам гойтур бу, дуьненан сирла.

Со хьоьха тешаш ю, сан сирла седа,
Гайтахьа ахьа суна, и безам сирла!
Сатуьйсуш,ойланехь хиларх со х1инца,
Со теша,  сан ирс а хир ма ду,дуьненца декъа!