Беттан са лур дара...

Аза Атагинская
Беттан са лур дара
хьуна, сан хьомениг,
стигланаш кхоларна
ца кхерахьара...

Ломара лехьийна
зезагаш кховдийча,
хьо царехь 1ехалур
юй хаахьара...

Седарчех туьтеш деш,
хьан коча оьхкича,
кхиберш хьоь ца хьоьжуш
совцалахьара...

Ма хала дацар- кха
дуьне а д1а дала
"Хьо веза"- цкъа соьга
ахь алахьара...

      Азман Джабраилова