Тховса корах ара хьаьжча..

Марти Тамия
Мокха шаршо тесна мархаш стигал къайла йехьна,
Куора к1елахь нускал санна кирхьан бухахь беш.
Мохо ловзош лайн седарчи хьиза т1ома даьхна
1аршашкара чу дийссинарш дуьне къагадеш.

Ларьян, йисна цхьалха лар, цхьалха урам х1оьтти
Сирла дети гуонах 1енош леста цхьалха дит.
Г1ура мехаш дера уг1уш царна улле г1ерта,
Мархан бехчалг д1а а туьттуш хьоьжуш къежа бут.

Кхаа талла йуккхехь йайна некъ ца карош буьйса,
Лаьтта цунна уллехь г1аларт дегош 1индаг1а.
Г1енаш тховса пана девла наб ца карош дисна,
Ткъа сан коран серло х1оьтти цаьрга ладег1а.