Зама уьдур ю...

Аза Атагинская
Хиламаш бицлур бу,
Лазарш а дайлур ду.
Чевнаш д1айоьрзур ю.
Ткъа зама-м уьдур ю...

Цамгаро хьо лаьцча
Дуьненах дог дуьллу.
Сингаттам совбаьлча
Г1орасиз-1уьллу.

Дахарх дог 1ехало.
Балано велхаво.
Халонаш лехьало,
Аллах1а дика ло.

    Азман Джабраилова