Со- м ца йоьлху сайн жималле кхойкхуш.
Шерийн лорах г1ийла хьоьжур яц.
Ца лелла со ца доьг1на ирс лоьхуш,
Кхул т1аьхьа а цуьнга кхойкхур яц.
Сайн кхолламо кховдийнарг т1еоьцу,
Къера хилла цуьнан кхиелана,
Юьхь1аьржонах ларйар Деле доьху,
Хастам беш суо нохчи хиларна.
Азман Джабраилова