Дог1а

Аза Атагинская
Геннара "г1уг1" даржош ткъес карзахдели,
Хийцаман шовкъ тайна, мох ловзабели.
Такхийна, хих буьзна шайн мохь а бахьаш,
Сихха схьа гулйели бос 1аьржа мархаш.

Ду даккхий т1адамаш лерехь "т1ох" хезош,
Ченаша макхбинчу тховх вата етташ,
Хелхаран к1еж туьйссуш, гулдина 1аьмнаш,
Хьогаллехь лаьттина 1алам хих 1абош.

Йочана т1ехтилча, дашо з1аьнаршлахь
Т1ай туьллуш, стела1ад х1оьтти ворх1 басахь.
Мерза кхаъ хилла цу дог1анах маьлхан,
Хастамаш Далла беш, лаьтта жил1алам.

Азман Джабраилова.
2017 шо