Со йиц ма елахь...

Аза Атагинская
Ахь дечу некъашкахь, нахана юккъехь
Сан сибат лоьхуш, ойлане ваьлча,
Тераниг каронза хьуо воьхна висча,
До1анехь, ц1е яккхий, мел кхайкхабелахь.

Г1енашка еана хьан синтем бохош
Кхайкханза, г1евлингахь со тосаеллехь,
Ц1е йоккхуш до1а дай, къинт1ера волуш,
Канашкахь сох саг1а ахь цхьанна лолахь.

Сахаддалц Деле ас вайна ирс дехна.
Сайх бехкаш даххал дитна дац бахьна,
Тахна а г1ортац хьо яста сан ойла.
Д1айовш ю вайн дегнаш дохдина йовхо.

Мел еха хьол деза цхьа а ца хетта,
Башламал сайн дагахь хьо уьйуш яьхна,
Хьо синан хьогалла йойу ирс хетта
Доьху хьоь, м1аьргонна со йиц ма елахь.

                Азман Джабраилова