Лаьмнашка кхевдина дог

Аза Атагинская
Джабраилов Сайд-Эмина.


Ламанан к1ажера юьртахь
Дуьнент1е ваьлла хьо ву.
1аламан хазалло ага
Техкадеш кхиийна ву.

Хийлаза геналлехь некъаш
Цаваьлла дан дезарх хьайн,
Лелла вац  дицдина лаьмнаш,
Даймахка ца хаьдда т1ай.

Нохчийчоь, хьоьжуш хьан б1аьра
Тахналлац  хьан доьхьа веха.
Хьайн мерза са лаьмнийн кийра
Азаллехь диллина хета.

Теллина хьун йолу раьг1наш,
Ламанийн баххьаш т1е вийлла.
Чухчарийн лекхаллаш юстуш,
Ирхе ахь яьккхина хийла.

Х1ора а ломах ду хаарш,
Ирх-пурх а ломахь г1улч йоккху
1илманийн к1оргене кхийдаш
Талланза шираллаш йосту.

Лам т1ера х1ора а тача
Хьайн дег1ан синпхенаш хетта.
Довхачу хьан деган орамехь
Сийлахьа Нохчийчоь еха.

Даймахке безамах дуьзна,
1илманах д1аийна дог.
1аламан къайленца боьзна
Боккху ахь хьайн х1ора ког.

Динан берг кхачанза тархаш,
Дедайша х1иттийна б1аьвнаш,
Къапалгаш, маьлхкешнаш, херцарш,
Б1ешерийн къайленаш йосту.

Тешаме накъостий цхьана
1илманхойн мог1аршкахь го,
Бух охкуш, ширалла таллар-
Махкана мехалниг до.

1илманан-талламан белхаш
Хан-зама ца лоьруш бо.
Т1аьхьарчу т1аьхьенна хаарш
Комаьрша д1акхийдадо.

Мах боцчу дуьненал шортта
Диканиг ала ду хьох,
Махкана, халкъана ваха
Аллах1а ларвойла хьо!

     Азман Джабраилова