Байташ язйан атта дац

Аза Атагинская
Байташ язйан атта дац-кха,
Стиглара ца оьгу уьш.
Ломах дуьйлу шовда санна
Синк1оргера г1уьйтту уьш.

Мичахь ю-те  дашо  ойла?
Къолам боьххьехь соьцу цкъа.
Маса хьовза къолам боьлча,
Сиз ца дуьтуш, йоьду д1а.

Коьрте хьийза эзар ойла,
Гонаш туьйссуш хьоьсту васт.
Кхоллало рог1ера мог1а…
Поэт хила атта дац.
               
            Азман Джабраилова