***

Милана Торсен
Суьйре кхечи кхоллам бохьуш,
Нохчийн махкахь хоттош ловзар,
К1ант, йо1 тахана вовшех кхеташ
Дека дуьйли пондаран аз.

Г1овтта к1ентий дегнаш г1иттош,
Нохчийн ловзар х1оттаде.
Вайн мехкарийн куьце хьуьйсуш,
Шайн дегнаш аш 1абаде.

Тоха вота кийра бегош,
Къанойн дегнаш хьегадеш,
Ткъа къоначийн дегнаш хьостуш
Пондар ала илли ахь.

Нохчийн керла х1усам кхуллуш,
Оьзда доьзал кхийти цхьана.
Беркат шайца шорта долуш,
Г1иллакхе шу дехийла.(М.Б.Торсен)