Жималла

Милана Торсен
Жималла еха ю, ткъа къаналла йоца,
1ожалла сиха ю, лазам бу дера.
Дахар а буьрса ду, ткъа хьекъал а к1еззиг.
Вахар а хала ду, ойланаш дукха.

Жималло човхавой къаналле кхуссу,
Къаналло шен хенахь жималла лоьху,
Балано хьовзавой 1ожалла йоьху,
1ожалло тилавой лаьтте д1авоьху.

Яйина хенаш дагахь а соьцуш,
Хиллачу цатемех цамгар а лоьхуш,
Дайн, нанойн безамах д1аьндарг а хуьлий
Эхарта г1ерта тхо я Аллах Дела!

Б1аьрхишца т1ададо даймехкан латта,
Г1айг1ано хьовзийча дегнех це етташ,
Бодано д1алоцу декъаста Нохчичоь
Тхан дегнашка боьссича йист йоцу бала. (М.Б.Торсен)