Ахьмад-Хьаьжа

Аза Атагинская
Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина
/Дала г1азот къобал дойла/

Харцоно шуьйра г1улч Нохчичохь туьйссуш,
Мостаг1чо кхоъмаза къоман сий хьоьшуш,
Да воцчу байх тера къам б1аьрза хьийзаш,
До1анехь наноша боьхура доьзалш.

Къомана хьакъ волу силаллин къонах
Кхолламо кхиавац б1е шарахь цхьаъ бен.
Ишттачех Ша хилла г1аьттира Ахьмад-
Хьаьжас юкъ йихкира нийсонна г1атта.

Багийна, чахчийна.беринчу махкахь
Саьлнашкахь 1охкура г1аланаш, ярташ.
Юха уьш тойина д1ах1иттор кхайкхош
Даьржина, доьхна къам ц1а дерза кхойкхуш.

Бохаман эрчалло шагдина дегнаш
Тийшира, къобал беш къонахчун кхайкхам.
Ткъа х1инца-м нохчийн къам и воцуш деха,
Цуьнан некъ д1акхоьхьу турпалчу к1анта!

Ша хила хьакъ верг бен турпалхо хир вац.
Шен къомо къобал вахь хуьлуш ву баьчча.
Олуш ду:-"Къонах ву дуьненан меха",
Ишттаниг адамийн иэсехь ву вехар!

Азман Джабраилова
2015г