К1анте

Аза Атагинская
Дуьненан ойла яй, тидаме лаца:

Мичахь бу дуьнено 1ехийна лелларш,
Дуьне а шайн карахь ду моттаделларш?
Хьарамчу рицкъанах шаьш 1ехабелларш,
Дуьне шайх дуьсур дац моьттина баьхнарш?

Кхачийна собар шайн, хьекъал а ца тоьъна,
Аллах1ах ца кхоьруш, адамех кхерра.
Кхолламо яздиннарг кхочур ду дарж а,
Дуьненахь дехар ду вуо-дика церан.

Мелехь дац ца динарг Аллах1ан ц1арца,
Къамел хьайн хилийта И хеставарца.
Хууш дац кхолламо х1у кховдор кхана,
Тоба далл ийманехь вай дисахьара.

Цо бохург динарг бен тоьлла вац хьуна,
Декъала хир ма ву И хилахь реза.
Дика а, вуон а луш  цхьаъ бен вац хьуна,
Аллах1ан дуьхьа ахь динарг дош деца.

Къинхетам бен верг а И цхьаъ ву хьуна.
И цхьаъ бен вац хьуна къиношна геч дан.
1амалаш къобал йан кхин цхьа вац хьуна.
Вахалахь хаддаза Далла беш хастам

Даггара нахана къинт1ера вала.
Хьайн дагчохь хьаг1 ахьа цханцца ма кхаба.
Боккъала лераме нахаца хила,
Иштта бен ца хуьлу нехан а ларам.

Хир ву хьо парг1ата, нах парг1ат битахь.
Цабезам совбаларх хьайн дог ларделахь.
Хьо къонах хетар вац, к1оршаме хилахь,
Т1ех забарш йар хьайна мага ма делахь.

Маршалла хатталахь адамаш гича,
Векхалой хилалахь аренца, ц1ахь а.
Эсала хилалахь, ца волуш сийсаз.
Варийлахь, ларлолахь г1иллакхах вуохарх.

Далла Шех тешарца дог нуьре дойла хьан.
Дуьненахь, Эхартахь декъала войла хьо.
Вахар луш ийманехь яхйойла оьмар-хан,
Воккхийла Цуо даржехь, мулкехь а сов хьо.

Азман Джабраилова