Хьо кхера...

Аза Атагинская
Дуьненан рицкъанах хадарх ма кхера.
Ма кхера бахамах валарна хьайн.
1аламан хийцамех цкъа а ма кхера,
Сийлахьчу Аллах1ан карахь ду вай.

Дерриг а Делера схьа дуйла хаа,
Халонаш, хиламаш зерхьама ло.
Х1уъа т1е х1оьттича доьналлехь хилахь
Сийлахьчу Аллах1а къинхетам бо.

Хьо кхера шалхонех, ямартчу нахах.
1есаллех Аллах1а лардойла дог.
Ахь дог ма дилла Аллах1ан диканах,
Вай йечу 1амалех доьзна геч дар.
             
                Азман Джабраилова