Нуржан Усманова - вешина Усманов 1имранна

Аза Атагинская
«Кхин суна хьо гур вац»,-ас муха ала.
Къиза сан дог цоьстуш бу кийрахь бала.
Хьо воцчу дуьненахь со муха ехар ю,
Эзаршна юккъехь ас хьо хийла лоьхур ву.

Дог хьоьстуш декийна хьан зевне аз
Тахна сайн дог делхош  ладоьг1у ас.
Хиллера хьо тхуна диканиг Ваша,
Хуьлийла хьоьх  Делан везаниг  хьаша.

Ма хьалхе хеди - кха хьан сирла дахар,
Делахь а ца хили эрна хьан вахар.
Дуьненна йовзийти хьайн  Ножай-юрт,
Массарна хоьтуьйтуш б1аьстенан сурт.

Иллешкахь хестий ахь  Даймохк, хьайн  Нана,
Кхечо уьш  ца хастий говза ахь санна.
Жималлехь безамо 1овжийна  хьо вара,
Цундела хьан иллеш дог делхош дара.

Замано хийла хьо мархашка идаварх,
Ца хуьйцуш хьайн амал д1аваха хьайн лорах.
Вехи хьо дуьненчохь тхо лардеш вонах,
Тхан Ваша, мехкан к1ант, турпала къонах.

Хьайл т1аьхьа дахийта яздина иллеш
К1айн дуьне мел лаьтта  уьш декар ду.
Хьайн дуьхьа дуьненчохь ца ваьхнадела
Массера дегнашкахь хьо вехар ву!
               
                Нуржан Усманова
                2017