Нана Мама

Фариза Цалдаева
Сан нана, нана, хьомсара нана
Со йина, кхиийна, сан дика нана
Хазачу иллешкахь, хьо хьехайо хьуна
Дуккха а меттанашкахь, хьо хестайо хьуна.
Кху доккхачу дуьнена т1ехь, хьо цхьаъ бен яц хьуна
Хьан чуьра доьзална, хьо бен а яц хьуна
Сан нана, нана, сан хьоме нана
Хьоьл деза кху латта т1ехь, х1ума а дац хьуна.
Ахь лар а йина со, буьйсанна ца йоьжуш
Ахь кхиа йина со, хьой цкъа ца кхоош
Ахь цкъа ца гойту, хьой к1ад а ялар
Ахь цкъа ца хоуьйту, халхетар хилча.
Хьо йоьлу даимна, хьай дог а доьлхушшехь
Тхан дог ца дохийта, ахь х1уу дийра дара
Тхо кхио хьо г1ерта, иманехь, исламехь
Г1иллакхехь, г1уллакхехь тхо пайден а хилийта.
Сийлахьчу Къуран т1ехь, хьо сийлахь юьйцу
Эвлияаш къамелехь, хьо еза юьйцу
Суна цкъа а дицлур дац, хьан ховха куьйгаш
Сун цкъа а дицлур дац, хьан мерза дешнаш.
Со бахьнехь ахь лайна, дукха а халонаш
Со бахьнехь ахь лайна, дукха а баланаш
Сан нана хьо суна къинт1ера ялалахь
Г1алаташ соьгара дукха а дийларна.
Ца бо вай тидам йоьдучу ханна
Ца хьоьсту тоъалла, вай ненан дог,
Шераша ца хьоьсту, могшалла церан
Вайн моьтту безар бу, уьш кхо б1е шарахь.
Сан вежарий, йижарий, цхьа дехар ду шуьга
Д1аяккхий оьг1азло, хьастийша ненан дог
Эцийша аш марзо, сий дайша аш нанойн
Уьш хир бац шуьна, массо а ханна.