Хьоме везар стих на чеченском языке

Фариза Цалдаева
Х1ара байт ас язйо
Хьомечу везаре
Сан деган садолчу
Дикачу к1анте.

Хьо вог1уш гайча
Самукъадолу
Кийрара дог деша
Хьо вела велча.

Дагадог1ий хьуна
Вайша цхьана лаьтташ
Безаман дешнаш
Ахь соьга кхийдош.

Ахь ала соьга
Сан хьоме везар
Со хьайна оьшу
Даггара еза

Баркалла хьуна
Сан деган безам
Баркалла нанна
Хьо иштта кхиорна

Баркалла кховдинчу
Мерзачу безамна
Баркалла ахь бинчу
Лерамна сан.

Ткъа х1инца сан везар
Хьо гена вели
Кийрара жима дог
Ахь доьлхуш дити.