Нохчийн йо1 Чеченская девушка

Фариза Цалдаева
Нохчийн йо1 ламанан шовда хьо ду
Б1аьстенан зезагах хьо тера ю
Де-нена, йиша-вешин хьо сий ма ду
Кху маьлхан дуьненахь хьо лоруш ю.

Г1иллакхца, леларца, олучу дашца
Кхечу къаьмнийн йо1арех, хьо къаьстина ю
Собарца, иманца дог дуьзна хиларца
Вайн мехкан къонахша дозалла деш ю.

Хьалхалера луьра хан, х1инца д1аели
Халонаш, баланаш т1ера ма бевли
Х1еттеа ю хьо, сагатдеш лелаш
Бевзачера, безачера вон гарна кхоьруш.