Ненан г1оьнча- дика йо1

Аза Атагинская
Нанна г1о деш пхьег1аш юьлуш,
Т1унбеш, нуй а хьокхур бу.
Массанхьара чан д1а йоккхуш,
Пылесос ас хьовзор ю.

Ц1азамашна хи а тоьхна,
Кет1а девзиг хьокхур ду.
Гергарчаьрга, лулахошка
"Дика йо1"- олуьйтур ду.

    Азман Джабраилова