Хьан ц1арах седа

Аза Атагинская
Седарчийн шорталлехь къиегаш
Цхьа седа сайна хаьржи.
Тийналлехь го белакъиежаш,
Цунна ас хьан ц1е тилли.

Массарел г1иллакхе хетта,
Ахь кхийдо некъ къобал би.
Вовзарна дохко ца яьлла.
Хьан кара сайн ирс кховдий.

Бус- буса корах чухьоьжуш,
Седано соь б1аьцаш йо.
Синмарзо сан дагах хьерчош,
Хьох йолу ойла йохйо.

Нагахь и азалле буожахь,
Стиглахь ца юьтуш шен лар,
Кхетар ю- хаьдда со ирсах,
Вайн безам баьгна хиларх.

         Азман Джабраилова