Керла дешаран шо

Аза Атагинская
Сихха т1ехтилла
Садо1у аьхке.
Т1екхечи керла
Дешаран шо.

Д1атаса деза
Футболах ловзар,
Йовхонах девдда
Хийисте идар.

Дай, наной вайна
Хилийта реза
Т1ехдика деша
Ма-хуьллу деза!

Азман Джабраилова